Сийлахь-толаме нартол (Париж)
Сийлахь меттиг | |
Сийлахь-толаме нартол | |
---|---|
фр. Arc de Triomphe | |
48°52′26″ къ. ш. 2°17′42″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Франци |
Лаьтта меттиг | VIII округ Парижа[1], XVI округ Парижа, XVII округ Парижа |
Архитектурин хатӀ | архитектура неоклассицизма |
Архитектор | Жан-Франсуа Шальгрен |
Йиллина терахь | 1836 |
Локхалла | 49,5 ± 0,2 метр |
ГӀирс | лютецкий известняк, известняк |
Сайт | paris-arc-de-triomphe.fr(франц.) |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Сийлахь-толаме нартол (фр. Arc de triomphe de l’Étoile)- Парижан 8-чу гонахь а, Шарль де Голль цӀарах йолу (Седан) майданехь а лаьтташ йолу гӀалин историн сийлахь меттиг.
ГӀишло йина архитектор волу Жан Шальгрено 1806-1836-чу шерашкахь Наполеонан буьйрца.
Наполеоно шен «Сийлахь-доккхачу эскаран» толамаш базбарна лерина дара гӀишло йолаяран белхаш.
Боцца хаам
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дика куц-кеп ду Сийлахь-толаман нартолан. Цуьнан локхалла 49,51 метр ю, шоралла 44,82 метр ю, нартолан лакхе 29,19 метр ю.
Нартолан югӀийлан маьӀӀехь Жан-Жак Прадьено йина барельефаш ю. Царна тӀехь гойту тӀемаш долу мехкарий фанфараш чухул зурма локхуш. Ткъа фанфара сийлаллин аллегори ю.
Иштта нартол кечйина ю горельефшца:
- Елисейн атагӀаш агӀор:
- аьрру aгӀop: «1810-чу шеран триумф». Шёнбруннан машаран куьг таӀоран лерина ю. Скульптор Жан-Пьер Корто ву.
- аьтто агӀор: «гӀоьнчаш дуьхьал бовлар». Гоельеф лерина ю французаш ЛугӀен мохк дӀалаьцна Ӏаш йолу пруссин эскаран дуьхьал бовларан (1792 шо). Иштта доьвзуш ду «Марсельеза» цӀарца. Скульптор Франсуа Рюд ву.
- Гранд-Армен авеню агӀор:
- аьрро агӀор: Антуан Этекс скульптор волу «1815-чу шеран машар» а;
- аьтто агӀор: Изза скульптор волу «1814-чу шарахь дуьхьало яр» горельеф а.
-
«1810-чу шеран аьтто (триумф)»
-
«Марсельеза»
-
«1815-чу шеран машар»
-
«1814-чу шарахь дуьхьало яр»
Горельфийн лакхахь йолу ялх барельефаш гойту тайп-тайпана кармачан а, империн а сарташ:
- Елисейн атагӀаш агӀор:
- аьрру агӀор:
- 1799-чу шеран мангалан (июль) беттан 25-чохь Абукъиран уллохь хиллачу тӀамехь йийсаре лаьцна волу туркойн эскаран хьаькам СаӀид Мустафа-Паша Наполеонан вовзийтар гойту барельеф. Бернар Габриэль Сёрр (я Сёрр Воккхахверг) ву цуьнан скульптор.
- «1796-чу шарахь товбецан (сентябрь) 20-чохь Марсо генералан тезет», P. H. Lamaire скульптор ву.
- аьрру агӀор:
- авеню де ла Гранд-Армен агӀор:
- «1796-чу шарахь лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь Арколе-гӀалан уллохь хилла тӀом» Жан-Жак Фёшер ву скульптор.
- 1798-чу шеран мангалан (июль) баттахь 3-чу дийнахь Мисарахь Каноб схьаяккхаран латаран" лерина барельеф. Джон-Этьен Шапоньер ву цуьнан скульптор.
- агӀошкахь:
- «1792-чу шеран лахьанан (беттан) 6-чохь хилла Жемаппе уллохь латар». Марокетти Карло ву скульптор.
- 1805-чу шарахь гӀуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь Ауштерлицан юххехь хилла тӀом". Жан-Франсуа-Теодор Гештер ву скульптор.
-
«1796-чу шарахь товбецан (сентябрь) 20-чохь Марсо генералан тезет»
-
Абукъиран уллохь хилла тIом
1799 шо -
Жемаппе юххехь хилла тIом
1792 шо -
Арколен йистехь хилла тIом
1796 шо -
Каноб схьаяккхаран бина тIом
1798 шо -
Ауштерлицан юххехь хилла т1ом
1805 шо
- ↑ base Mérimée (фр.) — ministère de la Culture, 1978.