Nothing Special   »   [go: up one dir, main page]

Чулацаман тӀегӀо

Хьаж

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад
2019-чу шарахь хьаж, Макка.

Хьаж (Ӏаьр. الْحَجُّ‎‎ аль-Хьажж) — иза бусалбанаш Макка гӀала бахар (зийарт дар) ду хӀора шарахь билгалйинчу хенахь. Иза тӀедиллина (важиб) ду хӀора бусалбачу гӀеметтахӀоьттинчунна, ницкъкхочуш волчунна[1]. Иза исламан арканех пхоьалгӀа рукна йу, Мухьаммад пайхамаран ﷺ къамелехь деъна дела: «Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахӀ воцург кхин дела вац аьлла, ткъа Мухьаммад — Делан элча ву аьлла, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро йелахь»[2]. Хьаж дар фарз Ӏайн ду хӀора гӀеметтахӀоьттинчу ницкъкхочуш волчу бусалбачу стагана, Къуръан чохь иза хьахийна дела: ﴾ДӀакхайкхаде нахе хьаж [дарах дерг]. Уьш [муъманаш] схьаоьхур бу хьуна гӀаш а, массо а йорачу эмкалш [говраш, варраш] тӀехь а уггаре а генарчу некъашкара [йа массо а чӀежашкара]﴿ [Къуръан 22:27].

Хьаьжан белхаш дӀадуьйлало зул-хьижжат беттан 8-чу дийнахь. Хьаьжан билгалйинчу микъаташкахь хьажо ихьрам духар тӀе а духий, цул тӀаьхьа Мина дӀавоьду, Тарвийят де кхочушдан. Цул тӀаьхьа Ӏарафате дӀавоьду, Ӏарафат де кхочушдан а, цул тӀаьхьа Жамратул-Ӏакъабатул-Кубра чохь жамараташна тӀулгаш кхийса а. ТӀаккха Макка йухавогӀу хьажо КаӀбатна гонаха тӀафавул-ифазат кхочушдан, цул тӀаьхьа Мина йухавогӀу Ташрикъ денош кхочушдан[3]. Йуха а Макка йухавогӀу иза тӀавафул-вадаӀ кхочушдан а, йеза меттигаш дӀатаса а.

Хьаж — иза динан гӀарадаьлла Ӏадат ду. Бусалбанаш тешаш бу иза Дала хьалха дӀадаханчу умматашна тӀедиллина хиларх, хьанифашна санна, ИбрахӀиман миллатна тӀаьхьахӀиттинчарна, Къуръанна тӀе а тевжина: ﴾Оха ИбрахӀимна билгалйира Цӏа [КаӀбат] хила деза меттиг, [Оха цуьнга омра а дира]: «Соьца цхьа а хӀума накъост ма лаца, Сан ЦӀа [КаӀбат] а цӀанде гуобоккхучарна [тӀавафдечарна] а, ламазашкахь [лаьттачарна] а, рукуӀаш дечарна а, суждаш дечарна а﴿ [Къуръан 22:26].

Иштта хьажа

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. الحكمة من تشريع الحج مرة واحدة في العمر - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 июнь.
  2. أركان الإسلام - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 17 июнь.
  3. إسلام أون لاين.نت - اسألوا أهل الذكر - أيام التشريق وسبب التسمية. web.archive.org (2011 шеран 28 январь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 18 июнь.