Сийлахьчу Патрикан кафедралан килс (Нью-Йорк)
Арахьара хатӀ
Сийлахь меттиг | |
Сийлахьчу Патрикан кафедралан килс | |
---|---|
40°45′31″ къ. ш. 73°58′35″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Нью-Йорк (гуо, Нью-Йорк)[1] |
Дин | Католицизм |
Епархи | Архиепархия Нью-Йорка |
Архитектурин хатӀ | неоготика |
Архитектор | Джеймс Ренвик младший |
Йиллина терахь | 1858 |
Локхалла | 100 метр |
ГӀирс | Такахо (мрамор) |
Сайт | saintpatrickscathedral.org(ингалс.) |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Сийлахь волу Патрикан кафедралан килс (ингалсан маттахь St. Patrick’s Cathedral)- Нью-Йоркехь лаьтташ йолу католикийн килс ю. Неоготикан гӀараяьлла эсалла ю. Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн къоман историн эсаллийн реестран юкъатоьхна иза. АЦШ-хь уггаре йоккха неоготикан хотӀехь хьалайоьттина килс ю. Сийлахьчу Патрикан килс Нью-Йоркан архиепархин кафедралан зиярт ду.
Шовзткъе уьтталгӀачу ураман а, ПхиолгӀачу авенюн жӀара-некъахь лаьтташ ю килс, Рокфеллеран юкъан дуьххьал.
Архитектура
[бӀаьра нисйан | нисйан]Килс хьалайоьттина Нью-Йоркер а, Массачусетсер а беана болу кӀайчу а, боьмашчу а шагатӀулгах. Зияртан йохалла 101 метр ю, локхалла 100 метр ю. Килсан чухоьу 2200 адам.