Макка — Версийн башхалла
[теллина верси] | [теллина верси] |
Нисдарах лаьцна йаздина дац |
|||
МогӀа 100: | МогӀа 100: | ||
|{{Меттиган климат |
|{{Меттиган климат |
||
|ГӀала_род=Маккин |
|ГӀала_род=Маккин |
||
|Хьост=[http://www.pme.gov.sa/Makkah.htm |
|Хьост=[http://www.pme.gov.sa/Makkah.htm Маккахь хенан хӀоттаман хьал] |
||
| Янв_ср=23.9 | |
| Янв_ср=23.9 | Янв_ср_йоч=20.6 |
||
| Фев_ср=24.5 | |
| Фев_ср=24.5 | Фев_ср_йоч=1.4 |
||
| Мар_ср=27.2 | |
| Мар_ср=27.2 | Мар_ср_йоч=6.2 |
||
| Апр_ср=30.8 | |
| Апр_ср=30.8 | Апр_ср_йоч=11.6 |
||
| Май_ср=34.3 | |
| Май_ср=34.3 | Май_ср_йоч=0.6 |
||
| Июн_ср=35.7 | |
| Июн_ср=35.7 | Июн_ср_йоч=0.0 |
||
| Июл_ср=35.8 | |
| Июл_ср=35.8 | Июл_ср_йоч=1.5 |
||
| Авг_ср=35.6 | |
| Авг_ср=35.6 | Авг_ср_йоч=5.6 |
||
| Сен_ср=35.0 | |
| Сен_ср=35.0 | Сен_ср_йоч=5.3 |
||
| Окт_ср=32.1 | |
| Окт_ср=32.1 | Окт_ср_йоч=14.2 |
||
| Ноя_ср=28.3 | |
| Ноя_ср=28.3 | Ноя_ср_йоч=21.7 |
||
| Дек_ср=25.5 | |
| Дек_ср=25.5 | Дек_ср_йоч=21.4 |
||
| Год_ср=30.7 | |
| Год_ср=30.7 | Шо_ср_йоч=110.1 |
||
| Год_ср_мин=18.6 | |
| Год_ср_мин=18.6 | Шо_ср_макс=43.7 |
||
| Янв_ср_мин=18.6 | Янв_ср_макс=30.2 |
| Янв_ср_мин=18.6 | Янв_ср_макс=30.2 |
||
| Фев_ср_мин=18.9 | Фев_ср_макс=31.4 |
| Фев_ср_мин=18.9 | Фев_ср_макс=31.4 |
||
МогӀа 139: | МогӀа 139: | ||
| Ноя_а_макс=40.8 | Ноя_а_мин=16.4 |
| Ноя_а_макс=40.8 | Ноя_а_мин=16.4 |
||
| Дек_а_макс=37.8 | Дек_а_мин=12.4 |
| Дек_а_макс=37.8 | Дек_а_мин=12.4 |
||
| |
| Шо_а_макс=51.4 | Шо_а_мин=10.0 |
||
|}} |
|}} |
||
|} |
|} |
Верси 2016, 21 февраль, 18:28
ГӀала | |||
Макка | |||
---|---|---|---|
مكة | |||
|
|||
21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO | |||
Пачхьалкх | СаӀудийн Ӏаьрбийчоь | ||
Куьйгалхо | Халид аль-Файсал бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | ||
Истори а, географи а | |||
Майда | 400 км² | ||
Центран локхалла | 277 ± 1 метр | ||
Сахьтан аса | UTC+3 | ||
Бахархой | |||
Бахархой | 1 700 000 стаг (2007) | ||
Луьсталла | 4200 стаг/км² | ||
Идентификаторан терахьаш | |||
Телефонан код | +3 | ||
|
|||
holymakkah.gov.sa (Ӏаьр.) | |||
Картин тӀехь | |||
Маккатуль Мукаррамат (Ӏаьр. مكة المكرمة — дика Макка) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбузера гӀала ю, иза ю ЦӀен хӀордан 100 км. Бусалба наха зиярт даран центр ю иза (хьажа Хьаьж). Бусалба боцчунна Маккин чу бахка магош дац.
Макка — бусалбанийн сийлахь-еза гӀала ю. 630-чу шарахь бусалба наха Мухьаммад пайхамар ﷺ куьйгалла а деш Маккин чу баьхкина, цхьа а тӀом боцуш, бахархоша ислам дин тӀеийцира. Макка шен КаӀбатца динан центр хилла, а бусалба наха КаӀбатан тӀе а боьрзий ламаз до, миччахьа велахь а.
Маккин гӀалин юккъехь ду коьрта а, дуьненахь доккха а маьждиг Аль-Хьарам (Хьехаман, Доккха), чоьхьара кертахь дӀахӀоттийна ду исламан коьрта деза — КаӀбат (я ХьаьжцӀа).
2011-чу шарахь Маккахь юьйгӀина дуьненахь уггаре йоккха стигал-бохьан Абраджуль Байт олу комплекс ю, дуьненахь кхоалгӀа Пачахьан йоккха бӀов ю иза, цуьнца дуьненахь уггаре доккха сахьт а ду.
2010-чу шеран 13-чу ноябрехь схьайиллина лаьтта тӀехулара Маккин метрополитен.
Маккахь зияртхой дукха хуьлчу муьрехь кест-кеста тӀеттӀатаӀар хуьлу, цӀерш а, кхин йолу чевнаш хиллачаьрца а, беллачаьрца а инциденташ а хуьлу. Иштта, 1990-чу шарахь Маккина а, Минан а юкъахь 1,5 эзар гергга зияртхой белла.
Географи
Макка хӀордан сизца 227 метр лакхахь ю, герггарчу хьесапехь 80 километрашца ю ЦӀен хӀорд йистах[1]. Юккъера Макка лаьмнашна юкъахь йолчу учехь ю, «Маккин Ӏин» олий сих-сиха цӀе йоккхуш йолу. Областо латтош ю Аль ТанӀим тогӀи а, Бакка тоги а, Абкар тогӀи а[2][3].
Шираллехь Маккахь хилла цхьадолу хин хьосташ, царех цхьа гӀу хилла Замзам олуш хи а долуш. Иштта Ӏайн Зубайда олуш шовда а хилла. Оцу шовдан хьосташ ду Джабаль СаӀад а, Джабаль Кабкаб а лаьмнаш. Лаьтта бухара тотолашца даьккхина хилла и хи. КхоалгӀа хьост догӀан хи хилла, гӀеххьа Ӏаьмнашца а, гӀунашца а гулдина долу. Йочанин къоьлле хьаьжна а ца Ӏаш, ширчу хенахь дуьйна хи тӀедаларан кхерамаш хилла.
Демографи
ГӀалин бахархойн дукхаллин динамика:
Шо | 1965 | 1979 | 2003 | 2007 |
Бахархой (эзар адам) | 185 | 367 | 1541,8 | 1700,0 |
Истори
Ӏаьрбаша цунах наггахь Баккат олуш хилла. Маккахь дуьххьара ваха хиинарг Адам пайхамар а, цуьнан зуда Хьава а хилла. Цигахь вина хилла Шис пайхамар . Шис шен дахар мел ду Маккахь Ӏийна. Маккина гена йоцчу хьехахь дӀавоьллина ву иза[4].
Макка а, Мадинате а бахар керста нахана дихкина ду. Къайлах ваха гӀоьртинчун корта боккху. Макка - Ӏаьржачу лаьмнаша екъна йоккха гӀала ю. Кхузахь Къурайшин тайпанах волчу ӀабдуллахӀан а, Мадинатара схьаялар хиллачу Аминатан а доьзалехь 570-чу шарахь Мухьаммад вина. Кху Маккара дӀа эмкалийн къепалца меха оьхуш хилла иза Йемене а, Шеме а, Мисаре а, Байтулкъуддасе (Иерусалиме) а. Хьалдолуш йолу Хадижат ялийначултӀаьхьа, совдегаралла а дитина, Маккина тӀехула схьагучу лома тӀехь холбатахь Ӏийна Мухьаммад, Далла тӀе ойла а ерзийна. 610-чу шарахь, цуьнан шовзткъа шо долуш, циггахь АллахӀ-делера омра кхаьчна цуьнга, дин кхайкхаде, аьлла. ТӀулгах дина зезаг санна, стаг цецвоккхуш, хаза ду ХьаьжцӀа. Юккъехь лаьтташ ю, массо а агӀор шена тӀебирзина ламазаш деш йолу КаӀбат. Цуьнан пена чубиллина бу АллахӀ-дала ялсамани чуьра баийтина болу Ӏаьржа тӀулг. Хьалха-м иза шура санна, кӀайн хилла боху, тӀаьхьо адамийн къинош дӀахуьйдина, кӀора санна, Ӏаржбелла. Мичча хена вахча а, оцу КаӀбатан гонаш дохуш эзарнаш хьаьжой хуьлу: Америкера, Африкера, Азера, Европера, Австралера а. Исс момсар йолчу маьждиг чу а, цунна гонах а ламазана дӀахӀутту 300-500 эзар стаг. КаӀбат лаьттачу маьждиган майданахь йистехьуо лаьтта буха воьссича, Замзам хи ду. Цхьана хенахь кхузахь кӀорга Ӏин хилла.
ИсмаьӀил карахь шен хӀусамнана йитина, хи лаха вахана хилла боху кхузахь ИбраьхӀим пайхамар. Иза схьавогӀург а ца хилла, хьогалла леш доллучу берана орца доьхуш, цигарчу лома тӀера вукху лома тӀе дӀасаидда боху беран нана. Кхин хи ца карош, дог а диллина, юхаеанчу нанна ИсмаьӀилна уллехь лаьтта бухара хьаладетташ хи гина. "Зим-зим, зим-зим", — аьлла цо, оцу хино ИсмаьӀил верна кхераелла. Ӏаьрбашна "Замзам" бохург хӀун ду ца хаьа. Церан маттахь цуьнан маьӀна дан а ца ло. ХӀора хьаьжочунна парз хилла дӀахӀоьттина Сафа лам тӀера Марват лома тӀе дӀа а, юха схьа а ворхӀазза вахар.
Климат
Маккан климат — иза дуьненахь уггаре йовха меттигех цхьаъ ю. Юьззина минимум +10 °C, а юьззина тӀех йовха максимум +51,4 °C, ишттачу хьолехь ю. ГӀалахь шера-юккъера температура +30,7 °C иштта ю.
|
Билгалдахарш
- ↑ Islamic World, p. 13
- ↑ «Makka — The pre-Islamic and early Islamic periods», Encyclopaedia of Islam
- ↑ «Makka — The Modern City», Encyclopaedia of Islam
- ↑ http://islamist.ru/%D0%BC%D0%B5%D0%BA%D0%BA%D0%B0/
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |